Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ХІинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а, хьан тІаьхьенна а, цуьнан тІаьхьенна а юкъахь а мостагІалла хир ду. Зудчун тІаьхьено хьан коьртах чов йийр ю, ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю». КъотІалгІавиначун а йиш яц Везачу Элан гуламе ваха. Ур-атталла цуьнан уьтталгІачу тІаьхьенан а йиш яц цига ваха. ХІай сонта, ца кхеташ долу халкъ, иза ду аша Везачу Элана дІалуш дерг? Иза вац ткъа шун Да, шу хилийтина а, шу кхоьллина а, шу дІатардина а волу? Хьо-м тхан Да ву, ИбрахІимна тхо ца довзахь а, Исраилан халкъо тхо къобал ца дахь а. Хьо ву, Веза Эла, тхан Да, тоххара дуьйна а Хьан цІе «Тхан ПаргІатдохург» ю. Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву – тхо массо а Ахь кхоьллина ду.
Выбор основного перевода