Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Делан цІийнан кертахь сагІа гулдечу хазнина дуьхьал а хиъна, наха сагІина чутосучу ахчанан тидам беш вара Іийса. Дукхахболчу хьолахоша дуккха а дуьллура. ХІора дийнахь шайца Со Делан цІийнан кертахь волуш, Суна тІе куьг ма ца ойура аш. Амма хІинца ерг шун хан ю, иблисан бодане ницкъ баьржина хан». Іийса схьалацархьама лийхира наха, амма цхьанна а стага Цунна тІе куьг ца кховдийра, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІе ца кхаьчнера. Пасахьан деза де тІекхочуш дара. Ша кху дуьненара Шен Дена тІеваха веза хан тІекхаьчний хаьара Іийсана. Дуьненара Шенаш безара Іийсана, ткъа хІинца Шен безам ма-барра кІорггера гайтира Іийсас царна.
Выбор основного перевода