Ткъа Іийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга, Шен Дас дийриг гуш ца хилча, Шеггара хІумма а дойла дац КІентан. ХІунда аьлча Шен Дас дийрриг до КІанта а.
Айса-Сайгара хІумма а дан йиш яц Сан. Аса, Сайна ма-хаззара, кхел йо, и Сан кхел бакъ а ю. ХІунда аьлча Аса Сайн лаам ца лоьху, амма Со Ваийтинчу Ден лаам кхочушбо».