Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Делкъал тІаьхьа кхо сахьт долучу хенахь Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «Эли, Эли, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьІна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хІунда вити Ахьа?» Іийсас элира цаьрга: «Сан кхача бу Со Ваийтинчун лаам кхочушбар а, Цуьнан гІуллакх чекхдаккхар а. Айса-Сайгара хІумма а дан йиш яц Сан. Аса, Сайна ма-хаззара, кхел йо, и Сан кхел бакъ а ю. ХІунда аьлча Аса Сайн лаам ца лоьху, амма Со Ваийтинчу Ден лаам кхочушбо». ХІунда аьлча стигалшкара схьа Сайн лаам кхочушбан веана вац Со, ткъа Со Ваийтинчун лаам кхочуш бан веана ву. Нагахь Ас кхел еш елахьара, Сан кхел бакъ хир яра, хІунда аьлча Со цхьаъ вац, амма Со ваийтина Да а ву Соьца.
Выбор основного перевода