Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Іийсан цІерачарна цунах лаьцна хезча, уьш Иза дІавига баьхкира, хІунда аьлча наха дуьйцура, Иза лар тІехь вац бохуш. Ткъа Ярушалаймера баьхкинчу Іелам наха олура: «Цунна чу БаІал-Зебула-жин доьлла! Оцу харц жинийн элан олаллица жинаш арадоху Цо адамашна чуьра!» Шамранхочо Іийсага элира: «Хьо жуьгти воллушехь, соьга, шамранхочуьнга, хи хІунда доьху Ахь?» (Цу хенахь жуьгтийн шамранхошца уьйр яцара.) Наха жоп делира: «Жин-м дац Хьуна чохь? Мила ву Хьо вен лоьхург?» ЯхІудхоша элира Іийсага: «ХІинца билггал хии тхуна Хьуна чохь жин хилар. ХІунда аьлча ИбрахІим а велла, пайхамарш а белла, ткъа Ахь боху, Хьан дош кхочушдеш верг цкъа а лийр вац. Дукхахболчара олура: «Цунна чохь харц жин доллу, Иза хьераваьлла. Цуьнга ла а хІунда дугІу аша?»
Выбор основного перевода