Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шен уллорачун зудчуьнца цхьаъ лелахь, хьарам лелла стаг а, зуда а ден деза. Нагахь санна марехь йолчу зудчуьнца цхьаъ вижина каравахь, и шиъ ший а ден деза: зудчуьнца вижина хилла волу стаг а, и зуда а. Иштта исраилхошна юкъара зулам дІадаккха. Нагахь санна къона зуда, цхьана стагана захало дийцина а йолуш, гІалахь кхин цхьаъ, цунна дуьхьал а кхетта, цуьнца леллехь, и ший а оцу гІалин кевне схьадаладе. Уьш баллалц царна тІулгаш кхисса: йоІ е, цо гІалахь мохь ца хьекхна дела, ткъа стаг ве, цо кхечу стеган зуда сийсазъяьккхина дела, ткъа стагана – цо шен уллорачун зуда сийсазъяьккхина дела. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха.
Выбор основного перевода