Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шу кхеташ дац те, леш санна цхьанна муьтІахь хила шу карадахча, шу къар а лой, цуьнан леш хуьлий? Я къинан леш хуьлу шу, ткъа иза бахьана долуш шу хІаллакдийр ду, я Далла муьтІахь хиларан леш хуьлу, ткъа иза бахьана долуш шу Далла хьалха бакъдар ду. Шу къинан леш долчу хенахь, Делан лаамехь дерг кхочушдарх мукъа дара. Цу нахана паргІато яла ваІда до харцхьехамчаша, талхаран леш шаьш доллушехь – стаг ша мел эшийначун лай ма ву. Делах схьаваьлла волчо цхьаммо а къа ца латадо, Делан хІух схьа а ваьлла, шен амал Цуьнан амалх тера йолу дела. Ткъа ша Делах схьаваьлла хиларна, цуьнга къа ца латало.
Выбор основного перевода