Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха лаьхьано зудчуьнга элира: «ХІан-хІа, лийр дац шу, Сайн Да волчохь гинначух лаьцна дуьйцу Ас, ткъа аша а шайн дегара хеззнарг леладо». Аша шайн дас динна гІуллакхаш до». ТІаккха цара Іийсага элира: «Тхо къотІалгІадина дац. Цхьа Да ву тхан. Иза Дела ву». ХІунда аьлча къинош летийначу маликашна а геч ца дина Дала. Жоьжахатин бодашка хьовсийна Цо уьш, царна тІехь кхел яллалц, уьш цигахь буржалш а тоьхна дита. Къа латориг иблисах схьаваьлла, хІунда аьлча иблисо юьхьанца дуьйна а къа латадо. Цундела Делан КІант веана цу иблисан гІуллакхаш дохорхьама. Делах схьаваьлла волчо цхьаммо а къа ца латадо, Делан хІух схьа а ваьлла, шен амал Цуьнан амалх тера йолу дела. Ткъа ша Делах схьаваьлла хиларна, цуьнга къа ца латало. Делан бераш а, иблисан бераш а вовшах иштта къастало. Делан лаамехь мел воцург а, шен динан ваша цавезарг а Делан бер дац.
Выбор основного перевода