Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шена гиначух а, хезначух а тоьшалла до Цо, ткъа Цуьнан тоьшаллаш цхьаммо а тІе ца лоцу. ТІаккха Іийсас, аз а айдина, Делан цІийнан кертахь хьехамаш а беш, дІакхайкхийра: «Со а вевза шуна, Со мичара ву а хаьа шуна. Ткъа Со Сайгара веана вац. Со Ваийтинарг шуна ца вевза, Иза билггал бакъ воллушехь. Сайн Да волчохь гинначух лаьцна дуьйцу Ас, ткъа аша а шайн дегара хеззнарг леладо». ХІунда аьлча Аса Сайгара ца боху, амма Со ваийтинчу Сан Дас весет дина Соьга, Аса хІун ала а, хІун дийца а деза олуш.
Выбор основного перевода