Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цо соьга боху: «Хьо Сан Ялхо хилла Іийр вац, Якъубан тайпанаш юхаметтахІитто а, Исраилан халкъах бухабиснарш цІа берзо а. Ас хьох кхечу къаьмнашна серло йийр ю, Сан кІелхьардаккхар дуьненан массо а маьІІе кхачийта». Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара, и дахар адамашна серло а яра. И серло боданехь къега. Бодано и серло эша а ца йина. И бакъйолу Серло дуьнен чу йогІуш яра, Цо муьлхха а адам серла а доккху. Со дуьненахь мел ву, дуьненна елла серло ю Со». ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «ХІинца а кІеззигчу ханна серло ю шуьца. Серло йолччуьра, лела шу, шаьш бодане дІа ца хьулдайта. Ткъа боданехь лелачунна ша стенга воьду а ца хаьа. Серло санна веана Со кху дуьнен чу, Сох тешнарг цхьа а боданехь ца витархьама. Тхуна Цуьнан КІантера хезна болу а, оха шуна дІакхайкхош болу а кхаъ хІара бу: Дела – серло ю, Цуьнца цхьа а тайпа бода бац.
Выбор основного перевода