Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
«Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тІехь, Сайн безачу лам тІехь». ХІунда аьлча вайна бер дина – кІант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тІехь. Цунна цІе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла. Бутт а цІийлур бу, малхана а эхь хетар ду, хІунда аьлча Везачу Эло Ярушалайм-гІалахь болчу Цийон-лома тІера паччахьалла дийр ду. Цуьнан сийлаллин нур баккхийчарна хьалха лепаш хир ду. Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Іибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц». Якъубан халкъах дисина дакъа дуккха а долчу халкъашна юкъахь Везачу Элера долу тхи санна а, баца тІе догІу кхевссина догІа санна а хир ду. Дисина долу и халкъ адамах дозур а дац, цунах тешна Іийр а дац. Якъубан халкъах дисина дакъа халкъашна юкъахь, дукхачу къаьмнашна юкъахь, хьуьнан акхарошна юкъахь лом санна, уьстагІийн жена юкъахь къона лом санна хир ду. Ша дуьхьалдаьлча, цо хьоьшу, цоьсту. Цхьаьнгге а цунах кІелхьарваккхалур вац. Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтІера волуш а? Хьо даим вац оьгІазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета. гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац». Амма шу тІедахана Цийон-ламанна, дийначу Делан гІала йолчу стигаларчу Ярушалаймана, эзарнаш маликийн ВорхІалгІачу малико а Шен карара турба лекхира. ТІаккха стигалахь чІогІа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тІера пачхьалкх хІинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тІейогІучу заманна паччахьалла дийр ду».
Выбор основного перевода