Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
«Шайна цІуш ма бе, лалийна цІуш а, харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, тІулгех хедийна цІуш а ма хІиттабе, царна Іибадат дархьама, хІунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Иштта, ЯхІуд-мехкан а, Исраил-мехкан а адамаш Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІ-гІала кхаччалц хІора а шайн-шайн кемсийн а, инжир-диттийн а ІиндагІашкахь тийна-маьрша Іаш бара, Сулим-паччахь дийна мел ву. Ткъа, Сох дІа а къаьстина, шу дуьхьалдовлахь, туьро дІакхоллур ду шу». Хаа ду шуна, Везачу Эло Ша элира иза. ТІаккха сан халкъ машаречу хІусамашкахь Іийр ду, кхерам боцучу цІеношкахь а, паргІато йолчу садоІучу меттигашкахь а. Везачу Элан сийлалла гучуяьккхина хир ю, ткъа дерриге а адамашна иза гур ю, хІунда аьлча Везачу Эло Ша аьлла иза». Оцу дийнахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шух хІораммо а шайн кемсана а, инжир-диттана а кІелахь Іа шайн уллораниг хьошалгІа кхойкхур ву“».
Выбор основного перевода