Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Шен некъ кхидІа а бина, Мигдал Іедар олучу меттехь четар хІоттийра Исраила. Хьалха санна Ас хьуна куьйгалхой лур бу. Тохара санна Ас хьуна хьехамчаш лур бу. Цул тІаьхьа хьох „Нийсонан шахьар“ а, „Тешаме гІала“ а эр ду». Ас Якъубан цІа билггал схьагулдийр ду. Ас Исраилан халкъах диснарг а билггал схьагулдийр ду. Аса уьш, жоьлахь уьстагІий санна, даьхнин кертахь жа санна, цхьаъ а дина, цхьаьнатухур бу. Цара шаьш дукха хиларна гІовгІа йоккхур ю». Ас Эпрайм-махкара тІеман гІудалкхаш дІайохур ю, Ярушалайм-гІалара тІеман дой дІадохур ду, ткъа тІеман Іад кагдина дІадаьккхина хир ду. Оцу паччахьо халкъашна машар дІакхайкхор бу. Цо олалла дийр ду цхьана хІорда тІера вукху хІордана тІе кхаччалц а, Эпрат-хина тІера дуьненан йистошка кхаччалц а.
Выбор основного перевода