Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Уьш кхерабелла хир бу, чІогІачу лазарша дІалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш. ЛадогІахь гІо доьхуш долчу сан къоме. Цо боху: «Цийонехь Веза Эла кхин вац те? Цигахь цуьнан Паччахь кхин вац те?» Амма Везачу Эло боху: «ХІунда вахийтина те цара Со оьгІаза, шайн хІумма а йоцу харцделанаш а, цІуш а бахьана долуш?» Хаттар а дай, ойла е: боьршачу стага бер дой? Дера ца до. Иштта хилча, хІунда го Суна хІора боьршачу стеган куьйгаш церан гай тІехь, бер деш йолчу зудчун санна? Церан яххьаш бос байна а хІунда ю? И дерриг а гина, Ашкхилун-гІалин бахархой инзарбевр бу, Іази-гІалара берш а, лазарша хьовзийна, бегор бу, иштта хир бу Іекхранхой а, хІунда аьлча церан сатийсам кагбина хир бу. Іази-гІалин паччахь вуьйр ву, ткъа Ашкхилун-гІалахь цхьа а дийна вуьсур вац.
Выбор основного перевода