Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Шен долахь долчух стага, гуттаренна а, Везачу Элан дІа ца боьрзу бахам санна, лерина мел хилийтинарг – я адам, я даьхни, я кха – духкуш а, юхаоьцуш а хила мегар дац. Везачу Элана дІа ца боьрзу бахам мел хилийтинарг Цунна бен дІакъастийна дац. ТІаккха КинаІанан кІанта ЦІадукъ-ЯхІус, Мика-ЯхІу-пайхамаран бесни тІе тІара а тоьхна, элира: «И бохург хІун ду? Везачу Элан Са хьоьгахула хаам бархьама, сох дІакъаьстина ткъа?» Лаьмнаш, балоз санна, дешаш ду Везачу Элана хьалха, дерриге а дуьненан Хьалдолчу Элана хьалха. Везачу Элана дІакъастийна хир бу цо лелош болу мах а, беш болу пайда а. ДІа а къевлина, Іалашдеш хир дац гулдинарг, хІунда аьлча Везачу Элана уллохь Іаш болчу нахана кхочур ду иза, цаьрга дуззалц хІума яийтархьама а, дика бедар тІейохийтархьама а. Ас хьох ира ялта орург йийр ю. Иза керла а, цергаш йолуш а хир ю. Ахь лаьмнаш, эрина, хьаькхна дІадохур ду, ткъа гунех кегаш йийр ю. «Муха вала веза Со хьуна къинтІера, ЯхІуд-мохк? Массо а хьан бераш Сох дІахерделла. Уьш цІушна суждане оьхуш бу, деланаш уьш боццушехь. Аса царна мел оьшург латтийнера, амма уьш ямартлонца лелара, тобанашца нахаца лелаш болу зударий болчу а оьхуш. Тхан дайша къинош летадора. Уьш хІинца бан а бац. Ткъа уьш Делан лаамехь ца леларна, тхо таІзар токхуш ду. Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дІайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим. ТІаккха цо хІара дешнаш элира: «Дерриге а дуьненан Олахочунна гІуллакх дайтархьама, зайтдаьтта доттарца къобалвина волу шиъ ву уьш».
Выбор основного перевода