Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дІалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дІасабаржийна яхІудхой дуьненан еа а маьІІера схьакхойкхур бу. Эринчу ялтех тера долу сан халкъ! Берриге а ницкъийн Везачу Элера, Исраилан Делера, сайна хезнарг шуьга дІакхайкхийна ас. «Сан ойланаш шун ойланаш яц, шун некъаш Сан некъаш дац, – боху Везачу Эло. – Хьо оьгІазаллехь лела лаьтта тІехула. Хьайн дераллехь Ахь халкъаш хьоьшу. Цуьнан карахь кІа ору баьхьа бу. Цо хьаьттахь кІа цІандийр ду. КІа цІа чу схьагулдийр ду, ткъа кегаш цкъа а дІайовр йоцучу цІера юкъахь ягор ю Цо».
Выбор основного перевода