Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Цара элира ЕшаІ-ЯхІуга: «Иштта боху Хьузакх-ЯхІус: „Сингаттаман а, таІзар даран а, эхь тІедаран а де ду хІара, хІунда аьлча бер дуьнен чу доккхучу, амма и бер дан ницкъ ца кхочучу зудчух тарделла вай. Кхерамо, бохийна, хьовзий уьш, берах хьийзош йолу зуда санна, Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хІара гІала а кІелхьарйоккхур ю Ас, гІала лар а йийр ю’“. Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан хІара билгало ю хьуна. Ас хьан зуламаш, дохк санна, дІадаьхна, Ас хьан къинош, марха санна, дІадайина. Юхаверза Суна тІе, хІунда аьлча Ас мах баларца паргІатваьккхина хьо». Хазахетарца, яккхийъейша, стигалаш, хІунда аьлча Везачу Эло дина иза! Хазахетаран гІовгІа яккхийша, лаьттан бухахь йолу меттигаш! Хазахетарца декийша, лаьмнаш, хьаннаш, церан дерриг а дитташ! Якъубан тІаьхье Везачу Эло паргІатъяьккхина ю, Исраилан халкъана юкъахь Шен сийлалла гойту Цо. Къуреш карзахваьккхинарг Со ма ву, цуьнгахула нийсо кхочушъяйтархьама. Дерриг а цуьнан некъаш нисдийр ду Ас. Цо Сан гІала юхаметтахІоттор ю, йийсаре дІадигна Сан халкъ паргІатдер ду, цунах мах я совгІаташ а ца луш», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Бавелера арадовла, хашадхойх дІадовда! Хазахетаран маьхьаршца дІакхайкхаде иза, массо меттехула дІасабаржабе и кхаъ: «Везачу Эло мах баларца паргІатъяьккхина Шен ялхо йолу Якъубан тІаьхье!» – алий. Яккхийейша, хазахетарца цхьаьна эшарш лакхийша, Ярушалайман херцораш! ХІунда аьлча Везачу Эло Шен халкъан догъэцна, Цо мах баларца паргІатъяьккхина Ярушалайм. Везачу Эло Шен беза пхьарс берзина баьккхина дерриг а халкъашна хьалха. Дуьненан массо а йистошна вайн Дала делла кІелхьардаккхар гур ду. ДІадуьло, дІадуьло, арадовла цигара! Боьхачух дІа ма хьакхало. Арадовла цу чуьра, шаьш цІанде, Везачу Элан пхьегІаш лелош дерш! Амма шу меллаша девр ду ара, дІадовдур дац, хІунда аьлча Веза Эла гІур ву шуна хьалхаваьлла. Исраилан халкъан Веза Дела хир ву, шу лардеш, шуна тІаьхьаваьлла вогІуш. «Цийонна а, зулам лелорна тІера дІайирзинчу Якъубан тІаьхьенах болчарна а ПаргІатбохург вогІур ву, – боху Везачу Эло. – «Цундела Аса иза хьостур ма ю. Яьссачу аренга иза дІа а йигина, цуьнан дагна там беш дерг дуьйцур ду Аса. Со бахьана долуш воккха ма ве, сан мостагІа! Со охьавоьжнехь а, хьалагІоттур ву. Со боданехь велахь а, Веза Эла суна серло ю. Далла хьалха айса къинош летийна дела, ас Цуьнан оьгІазло дІакхоьхьур ю, сан гІуллакх цхьалха а даьккхина, суна тІехь Цо кхел яллалц. ТІаккха Цо со серлонга воккхур а ву, суна Цуьнан нийсо а гур ю. Сан мостагІчунна а гур ду иза. «Мичахь ву хьан Веза Дела?» – соьга баьхна волу иза юьхьІаьржачу хІуттур ву. Сан бІаьргаш Іебар бу, урамашкара хатт санна, иза хьоьшуш гича. Хьан пенаш дІахІиттон де тІекхочуш ду, хьан дозанаш къасторан де ду иза. Оцу дийнахь Ашур-махкара, Мисар-мехкан гІаланашкара, Мисарара Эпрат-хина тІе, хІордана тІера хІорда тІе, ломана тІера лам тІе дІакхаччалц богІур бу хьуна тІе.
Выбор основного перевода