Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Стигала йисте кхаччалц шу дІасадаржийна делахь а, цигара а схьагулдийр ду Цо, цигара а схьадалор ду. Веза Эла Ярушалайм дІахІоттош ву, махках баьхна исраилхой схьагулбеш ву. Къилбаседерачу махкара Аса схьабалор бу уьш, дуьненан йистошкара Аса схьагулбийр бу уьш. Цаьрца цхьаьна бІаьрзениг а, астагІниг а, берах ерг а, бер деш ерг а хир ю. Йоккхачу тобанца уьш юхабоьрзур бу кхуза. Кхин а ала цаьрга: „Хьалдолу Эла волчу Аса шу массо а къаьмнашкара схьагулдийр а ду, шу дІасадаржийначу мехкашкара юхадерзор а ду, ткъа Исраил-махкара латта шуна юха дІа а лур ду Аса“. Ас къаьмнашна юкъара а, мехкашкара а схьа а гулдина, шайн лаьтта тІе схьадалор ду уьш. Исраил-мехкан лаьмнашкахь а, хин Іоврашна уллохь а, адамаш лаьттахь массо а дехаш йолчу меттигашкахь Іалашбийр бу Ас уьш. «Ас байна уьстагІ схьалохур бу, тилабелларг юхаберзор бу, лазийначун чов дІайоьхкур ю, цомгушчунна дарба дийр ду, амма берстина а, нуьцкъала а уьстагІ буьйр бу. Ас нийсонца дажор ду Сайн жа». Хьуна гІело мел йиначарна таІзар дийр ду Ас оцу хенахь. АстагІа леларш кІелхьарбохур бу, дІасабаржийнарш тІегулбийр бу. Ас уьш лоруьйтур бу, гІарабохур бу уьш сийсазбохучу хІокху дерриге а лаьтта тІехь.
Выбор основного перевода