Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Дуккха а халкъаш тІедогІур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тІе а, Якъубан Делан цІа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТІаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХІунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тІера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду. «ХІара Сан Ялхо ву, Ас чІагІвеш волу. Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тІе, Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю. Цо мохь а хьоькхур бац, Шен аз а айдийр дац. Урамашкахь Шен аз а хозуьйтур дац Цо. Кагбалла боллуш болу эрз а кагбийр бац Цо, дІаян гІерташ сийсаш йогуш йолу милт а дІайойур яц. Цо баккъалла а нийсо схьайоккхур ю. Иза гІел а лур вац, дог эшна а хир вац, лаьтта тІехь Ша нийсо дІахІоттаяллалц. ХІордан йистера дехаш долу къаьмнаш Цуьнан хьехамах дог тешна хир ду». Везачу Эло Іамор бу хьан берриг а кІентий, церан машар а, беркат а доккха хир ду. Цхьа де догІур ду, гІаролхоша Эпрайм-лаьмнашкара дІакхайкхор деш: „ХьалагІовтта, вайн Веза Дела волчу, Цийон-лам тІе хьаладевр ду вай“». Оцу дийнахь дукха халкъаш тІедоьрзур ду Везачу Элана. Сан халкъ а хилла дІахІуьттур ду уьш. Со шуна юкъахь вехар ву. ТІаккха хуур ду шуна Закри-ЯхІу-пайхамар шайна тІе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. И де тІекхаьчча, Ярушалаймера дийна хиш оьхур ду, царах ах хиш Дуьрачу хІордехьа, ткъа дисина ах Дуьненаюккъера хІордехьа. Иштта хир ду аьхка а, Іай а. Ткъа Веза Эла дерриг а дуьненна тІехь Паччахь хир ву. Цу дийнахь цхьа Веза Эла бен Дела санна лорур вац, Цуьнан цІарца бен Деле кхойкхур бац. Юха Ярушалаймана дуьхьалдевллачу массо а халкъех биснарш хІора шарахь Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Іибадат дан а, адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош даздан а схьаоьхур бу. Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тІера дІадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тІедерза аьлла.
Выбор основного перевода