Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Амма хІора халкъо шайн-шайн деланийн цІуш бора. И цІуш сагІа доккхучу гунаш тІехь шамранхоша динчу харцделанийн цІеношкахь дІахІиттабора цара. Иштта шаьш даха охьахевшинчу хІора а гІалахь дира цара. Ахь тІедехкинаршца а лелаш, Веза Эла, Хьоьга хьоьжу тхо. Хьан цІе дагахь латто а, Хьо хьехо а бен тхан лаам бац. Тхан Веза Дела! Хьо воцург, кхин олахой а хилла тхуна тІехь куьйгалла деш, амма Хьан цІерана бен оха хастам ца бо. Оцу дийнахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шух хІораммо а шайн кемсана а, инжир-диттана а кІелахь Іа шайн уллораниг хьошалгІа кхойкхур ву“». Веза Эла волчу Ас Сайн халкъ чІагІдийр ду. Сан цІарах уьш лелар бу», – боху Везачу Эло. Ткъа Веза Эла дерриг а дуьненна тІехь Паччахь хир ву. Цу дийнахь цхьа Веза Эла бен Дела санна лорур вац, Цуьнан цІарца бен Деле кхойкхур бац.
Выбор основного перевода