Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь санна стага, Везачу Элана догІуш дерг дІа а ца луш, ларамаза къа латадахь, цхьа а сакхт доцу ка бан беза цо шегара даьллачунна тІера. Коьман мах дато шекхал ахча хІотто беза ахь (шекхал Езачу Меттигехь лелош долчу барамехь хила деза), даьллачунна гІуда такхаран сагІина лерина. Цо динан да волчу сакхт доцу ка бахьа беза гІуда такхаран сагІина лерина, ахь хадийначу мехах. Иштта динан дас цу стага ларамаза латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала а гечдийр ду цунна.
Выбор основного перевода