Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо ша хІинццалц ца делларг дІадала деза. ДІадала дезачунна тІе пхоьалгІа дакъа а тоьхна, иза динан дега дІадала деза. Иштта динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду. Цо гІуда такхаран сагІа а лерина, ка схьаоьцур бу, тІаккха Дала а цу стагана гечдийр ду. Цундела оцу къинош летийначара шайгара даьлларг даре дан а деза, зулам хиллачунна богІуш болу берриге а мах дІабала а беза, цул сов пхоьалгІа дакъа тІе а тухуш. Нагахь санна шена мах бала беза стаг веллехь, ткъа цуьнан цхьа а юххера гергара стаг а вацахь, и мах Везачу Элан долахь хуьлу. Иза динан дега дІакховдо беза. Цул сов, зулам даьллачу стеган къинош дІадаха лерина болу ка а бала беза цо. Цу уьстагІна дуьхьал цо доьазза дукха мах бала ма беза, хІунда аьлча цуьнан даг чохь къинхетам ца хилла, и хІума ша деш». Закайс, хьала а гІаьттина, элира Везачу Эле: «Эла! Ас сайн ах бахам къечарна дІалур бу, нагахь ас цхьана хІумана тІехь стаг левинехь, цунна хилла зе доьазза меттахІоттор ду!»
Выбор основного перевода