Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагІа стага доккхачу даьхних даккхахь, иза боьрша хила деза, цхьа а сакхт а доцуш. Цо и бежана гуламан четарна чуволлучохь дІахІотто деза, Везачу Эле иза къобалдайтархьама. Везачу Элана хьалха старгІина урс хьакха деза цу стага, цул тІаьхьа АхІаронан кІентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагІа доккхучу кхерчана массо а агІор тІетоха деза цу бежанан цІийн цинцаш. Стага Везачу Элана хьалха, сагІа доккхучу кхерчан къилбаседехьарчу агІор охьа а диллина, дийнатна урс хьакха деза, цул тІаьхьа АхІаронан кІенташа, динан дайша, цу дийнатан цІий тоха деза кхерчан массо а агІор. Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „Нагахь цхьаммо ларамаза Везачу Эло тІедехкинчу парзашна дуьхьал къа латийнехь, я дан ца магош дерг динехь, цо кхочушдан дезарг хІара ду: ‘Нагахь Везачу Элана лерина гІуллакх дан къобалвинчу динан дас къа а латийна, и бахьана долуш халкъ бехке хиллехь, ша латийначу къинна цхьа а айп доцу къона старгІа ялае Везачу Элана сагІина лерина. Гуламан четаран неІарна улло а ялийна, Везачу Элана хьалха хІотто еза и старгІа. Динан дас, старгІин коьрта тІе куьйгаш а дехкина, юха цунна урс хьакха деза Везачу Элана хьалха. Юха Везачу Элана лерина гІуллакх дан къобалвинчу динан дас стеран цІий гуламан четар чу дахьа деза. Шен пІелг цІий чу а Іоьттина, Везачу Элана хьалха – Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь – ворхІазза цІий пІелга тІера дІатоха деза цо. Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь болчу, шена тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчан маІех цІий хьакха деза динан дас, ткъа дисна цІий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу тІехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. Къинах долчу сагІина йийначу стеран ерриг а мохь схьаяккха еза, бертан сагІанах мохь схьа-ма-йоккху: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, ший жим а, юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Дийнаташ дагош болчу кхерча тІехь яго еза уьш динан дас. Къинах долчу сагІина йийначу стеран ерриг а мохь схьаяккха еза, бертан сагІанах мохь схьа-ма-йоккху: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, ший жим а, юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Дийнаташ дагош болчу кхерча тІехь яго еза уьш динан дас. Къинах долчу сагІина йийначу стеран ерриг а мохь схьаяккха еза, бертан сагІанах мохь схьа-ма-йоккху: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, ший жим а, юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Дийнаташ дагош болчу кхерча тІехь яго еза уьш динан дас. Стеран неІ а, цуьнан дерриг жижиг а, корта а, когаш а, чоко а, боьхаллаш а меттамотт болчуьра арахьа, Далла хьалха цІена йолчу метте а яьхьна, чим дІакхуссучохь, дечиган цІера тІехь яго еза. Чим дІакхуссучохь яго еза уьш. Нагахь санна дерриге а Исраилан халкъо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тІедехкина парзаш а талхош, дан ца мегарг дахь, иза бехке хир ду. Шайн къинах дерг хиъча, наха дерриг а халкъана тІера къинан сагІина къона старгІа яло еза. Везачу Элан четарна хьалха дІахІотто еза иза. Халкъана юкъара къаноша, шайн куьйгаш стеран коьрта тІе а дехкина, урс хьакха деза цунна Везачу Элана хьалха. Везачу Элана лерина гІуллакх дан къобалвинчу динан дас стеран цІий гуламан четарна чу дахьа деза. Шен пІелг стеран цІий чохь баша а бина, Везачу Элана хьалха – Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь – ворхІазза цинцаш дІатоха деза динан дас. Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь лаьттачу, тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчан маІех цІий хьакха деза цо, ткъа дисна цІий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу, тІехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тІе охьадотта деза. Ерриг а мохь, стеран чорха чуьра схьа а яьккхина, кхерча тІехь яго еза. Къинах долчу сагІина йийначу старгІица диннарг дан деза кху старгІица а. Иштта динан дас царна тІера къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала царна гечдийр ду. СтаргІа, меттаматтал арахьа а яьккхина, яго еза, хьалхалерниг санна. Иза халкъо латийначу къинах долу сагІа ду. Нагахь санна куьйгалхочо ларамаза къа латадахь, шен Везачу Дала тІедехкина парзаш а талхош, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву. Ша къа латийнийла хиъча, сагІина цхьа а айп доцу бож яло еза цо. Божан коьрта тІе куьг а диллина, дийнаташ дагоран сагІина далийна бежанаш дойучу меттехь цунна урс хьакха деза цо Везачу Элана хьалха. Иза къинах долу сагІа ду. Динан дас шен пІелгаца схьаэцна долу бежанан цІий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маІех, ткъа дисина цІий цу кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. Ерриг а мохь кхерча тІехь яго еза, бертан сагІа доккхуш мохь ягош ма-хиллара. Иштта динан дас куьйгалхочо латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цунна гечдийр ду. Нагахь халкъана юкъара цхьаммо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тІедехкина парзаш а талхийна, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву. Ша къа латийнийла хиъча, сагІина цхьа а айп доцу газа яло еза цо латийначу къинах. Газанан коьрта тІе куьг а диллина, къинах долчу сагІина лерина цунна урс хьакха деза цо дийнаташ дагоран сагІина бежанаш дойучу меттехь. Динан дас шен пІелгаца, схьа а эцна, цуьнан цІий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маІех, ткъа дисина цІий цу кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. Бертан сагІа доккхуш схьакъастош йолу мохь санна, газанан ерриг а мохь схьакъасто еза. Динан дас кхерча тІехь яго еза иза, Везачу Элана тамехь йолу хьожа хилийта. Иштта динан дас цу стагана тІера къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цунна гечдийр ду. Нагахь оцу къа латийначу стага къинах долчу сагІина Іахар балабахь, иза цхьа а айп доцуш болу стениг хила беза. Цуьнан коьрта тІе куьг а диллина, къинах долчу сагІина лерина цунна урс хьакха деза дийнаташ дагоран сагІина бежанаш дойучу меттехь. Динан дас шен пІелгаца схьаэцна цу Іахаран цІий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маІех, ткъа дисна цІий кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. Іахаран ерриг а мохь схьакъасто еза, бертан сагІа доккхуш бийначу Іахаран санна. Динан дас кхерча тІехь, кхидолчу дохучу сагІанашца цхьаьна, яго еза иза Везачу Элана сагІина лерина. Иштта динан дас оцу стага латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цунна гечдийр ду’“». Морза а тухуш, датта ца деза кІен сагІин бепиг. Ас Сайн сагІанех динан дайшна луш долу дакъа ду иза. Къинах долчу сагІанах а, гІуда такхаран сагІанах а тера долу чІогІа деза сагІа ду иза.
Выбор основного перевода