Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІен сагІанах бухадиснарг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дала деза. Иза чІогІа деза ду, Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех иза схьаэцна долу дела. Мусас АхІароне а, цуьнан бисинчу кІенташка, ЭлиІазаре а, Итамаре а, элира: «Везачу Элана цІера тІехь даьккхинчу кІен сагІанах дисинарг схьа а эций, цунах дина совсаза бепиг сагІа доккхучу кхерчана уллохь дІадаа, хІунда аьлча и сагІа чІогІа деза ду. Езачу меттехь даа и бепиг, хІунда аьлча иза Везачу Элана цІера тІехь даьхначу сагІанех хьан а, хьан кІентийн а дакъа ду. Иштта тІедиллина суна Везачу Эло.
Выбор основного перевода