Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна царах цхьаъ, яла а елла, цхьана хІуманна тІе йожахь, и хІума – дечиган пхьегІа а, я бедар а, я тІаьрсиг а, я гали а иза делахь – Далла хьалха боьха хир ю. Иза хи чу йилла еза. Сарралц иза Далла хьалха боьха хир ю, ткъа цул тІаьхьа иза цІена хир ю. Цу дийнатех елла хІума кхийрачу пхьегІи чу йожахь, цу чохь ерг Далла хьалха боьха хир ю. И пхьегІа йохо еза. Шех тІуналла схьайолург дІахьакхавелла кхийра пхьегІа йохо еза, ткъа дечигах йина пхьегІа хица йила еза.
Выбор основного перевода