Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІен сагІанах диснарг АхІарона а, цуьнан кІенташа а дІадаа деза. Езачу меттехь, гуламан четар долчу кертахь, совсаза а долуш, даа деза цара и сагІа. «Къинан сагІа езачу меттехь хІунда ца диира аш? Иза чІогІа деза сагІа ду! Халкъан бехк а, церан къинош а Везачу Элана хьалха дІадахархьама, шуна делла ма дара иза. Цуьнан цІий гуламан четарна чу ца даьхьна дела, аш иза езачу меттехь даа дезаш дара, суна тІедиллина ма-хиллара». Халкъо Суна сагІина лерина еанчу уггар езачу хІуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагІина мел деанчух – кІен а, я къинан а, я къера хиларан а сагІина деанчух – и дакъа хьуна а, хьан кІенташна а кхачош дерг ду. Уггар езачу меттехь яалаш иза. Хьан доьзалера волчу массо а боьршачу стага даа мегар ду и дакъа, амма дагахь латтаделахь – сагІина лерина деанарг деза хІума хилар. Делан цІийнан чоьхьарчу кертахь гІуллакх дан ша кхин а цига ваханчу дийнахь шена тІера цо къинан сагІа даккха деза’. Иштта боху Хьалдолчу Эло. ‘Левихошна шерет дийр ду: Со церан шерет хир ду. Исраил-махкахь церан лаьттан дакъа хир дац, церан долахь Со хир волу дела. Царна даа кІен сагІанаш а, иштта къинан сагІанаш а, гІуда такхаран сагІанаш а лур ду. Исраил-махкахь Суна лерина мел йолу хІума церан долахь хир ю.
Выбор основного перевода