Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь болчу, шена тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчан маІех цІий хьакха деза динан дас, ткъа дисна цІий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу тІехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. Стеран неІ а, цуьнан дерриг жижиг а, корта а, когаш а, чоко а, боьхаллаш а меттамотт болчуьра арахьа, Далла хьалха цІена йолчу метте а яьхьна, чим дІакхуссучохь, дечиган цІера тІехь яго еза. Чим дІакхуссучохь яго еза уьш. Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь лаьттачу, тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчан маІех цІий хьакха деза цо, ткъа дисна цІий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу, тІехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тІе охьадотта деза. СтаргІа, меттаматтал арахьа а яьккхина, яго еза, хьалхалерниг санна. Иза халкъо латийначу къинах долу сагІа ду. Къинах долчу сагІина дайинчу дийнатийн цІий динан коьртачу дас Делан цІийнан уггар езачу чоьнна чу хьо, ткъа церан чархаш меттаматтал арахьа ягайо.
Выбор основного перевода