Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ВорхІ дийнахь иштта къа дІадоккху сагІанаш даха, кхерч баз а беш. ТІаккха иза чІогІа беза хир бу. Дерриг а кхерчах хьакхаделларг деза хир ду». Иштта язъе и хІуманаш, тІаккха уьш чІогІа еза хир ю. Дерриг а царах хьакхалуш дерг деза хир ду. Цу сагІин жижигах хьакхаделларг дерриг а деза ду. Цуьнан цІий тІе а кхетта, бедарш бехйинехь, езачу меттехь хица цІанъян еза уьш. Кхийрачу пхьегІи чохь цуьнан жижиг кхехкийнехь, и пхьегІа йохо еза. ЦІестан пхьегІи чохь иза кхехкийнехь, и пхьегІа цІан а йина, йила еза. Динан дайх болчу берриг а божарша даа мега и сагІа. Иза чІогІа деза сагІа ду. Уггар езачу меттехь яалаш иза. Хьан доьзалера волчу массо а боьршачу стага даа мегар ду и дакъа, амма дагахь латтаделахь – сагІина лерина деанарг деза хІума хилар.
Выбор основного перевода