Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуткъачу кІадих коч йоза, иштта, чалба а, доьхка а де дуткъачу кІадих. Доьхка тир яьккхина хила деза. АхІаронан кІенташна а е кучамаш а, доьхкий а, коьртах йоьхку хІуманаш а. Цу духарша церан сий а, ларам а хуьлуьйтур бу. Хьайн вешина АхІаронна а, цуьнан кІенташна а тІедуха и духарш. Царна тІе даьтта а дуттуш, Суна леррина гІуллакх дан къобалбе уьш, Сан дуьхьа уьш дІа а къастош, тІаккха Суна лерина гІуллакх деш динан дай хир бу царах. И бедарш АхІаронна а, цуьнан кІенташна а тІехь хила еза, уьш гуламан четар чу богІуш а, езачу чоьнна чохь гІуллакх дан сагІа доккхучу кхерчана тІе богІуш а, царна тІе бехк а биллина, уьш хІаллак ца хилийтархьама. АхІаронна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а тІедиллина хІума ду иза». ЦІеначу деших йина, шена тІехь кегийра къуьданаш йолу стогар а, цуьнан гІирс а, дагош долу даьтта а гайтира. СагІа доккху дашо кхерч а, нахана а, хІуманашна а, уьш беза хилар лоруш, тІехьокху даьтта а, хаза хьожа йогІу, дагош долу силам а, четар чу волуш дуьхьал уллу шаршу а гайтира. Кхокханан харданг а, месаш а схьа а яьхна, кхерчан малхбалерчу агІор, юкъ дІахьокхучу метте, охьатосур ю динан дас. Дуткъачу кІадих йина еза коч тІеюха еза цо тІе, дуткъачу кІадих йина чухула юху хІума а, доьхка а, чалба а хила еза цунна тІехь. Уьш деза духарш ду, шен дегІ хица дила а дилина, юха еза цо уьш тІе. Аша Сан деза парзаш лар ца дора, шайн метта Сан цІа лардан уьш дІа а хІиттабеш’.
Выбор основного перевода