Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн Делан цІеран сий а дойуш, харцонна тІехь Сан цІарах дуй ма баа. Со Веза Эла ву. «Кхечу исраилхочун тилабелла сту я уьстагІ шайна гича, и дийнат ма диталаш, оцу стагана юхадерзаделаш иза. Нагахь санна дийнатан да шуна гергахь вацахь, я шуна иза вевзаш вацахь, дийнат шайн керта схьа а даладай, шайн кертахь латтаде, цуьнан дас иза лоьхучу ханна. Цул тІаьхьа цунна дІало иза. Изза делаш кхечу исраилхочун вираца я бедаршца. Изза делаш цуьнан яйначу, ткъа шуна карийначу муьлххачу а хІуманца. Оцу тІера шун дІадовлийла дац. «Ас дІакхайкхадайтина тептар тІехь долу и неІалт, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Иза хІора къуьнан цІа чу а кхочур ду, Сан цІе а йохуш, харц дуй буучун чохь а хир ду. И стаг а, цуьнан дитташ а, цуьнан тІулгаш а хІаллакдина хир ду».
Выбор основного перевода