Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІаронан тІаьхьенах болчу массо а божарша даа мегаш ду и сагІа. Церан тІаьхьенашна гуттаренна а Везачу Элан сагІанах долу дакъа ду иза. Цунах дІахьакхаделларг дерриг а деза хир ду». «АхІароне а, цуьнан кІенташка а дІаала: къинах долчу сагІанах лаьцна тІедиллинарг иштта ду. Дийнаташ дагоран сагІина бежанаш дойучу меттехь Везачу Элана хьалха урс хьакха деза къинах долчу сагІина далийначу дийнатна. Иза чІогІа деза сагІа ду. Уггар езачу меттехь яалаш иза. Хьан доьзалера волчу массо а боьршачу стага даа мегар ду и дакъа, амма дагахь латтаделахь – сагІина лерина деанарг деза хІума хилар.
Выбор основного перевода