Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Церан мехкарий хьайн кІенташна ма балабе, Везачу Элера дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттар цу мехкаршка хьайн кІенташна ца Іамадайта. Гергарлонаш а ма тийсалаш цаьрца. Шайн йоІарий церан кІенташка а ма бахийталаш, церан йоІарий шайн кІенташна а ма балабелаш. ХІунда аьлча цара шун кІентий Сох дІаберзор бу, кхечу деланашна Іамал яйтархьама. ТІаккха Везачу Элан дераллин цІе шуна тІехьодур а ю, Цо шу сихха хІаллакдийр а ду. Цундела шайн кІенташка церан зудабераш маре ма даладайта, шайн зудабераш цаьрга маре дІа а ма дигийта. Цу нахах дІа ма кхета! Машар я диканиг цаьрца цкъа а ма леха. Шу иштта лелахь, онда хир ду шу, лаьтто кхиийна мел дерг аша дуур ду, хІара латта гуттаренна шун берийн дола долуьйтур ду“. Мелхо а, уьш кхечу къаьмнех болчу нахах дІакхийтира, царна юкъахь лелаш долу гІиллакхаш а шайна Іамийра.
Выбор основного перевода