Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хІуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаІал-деланашна Іамал а еш. Веза Эла Исраилан халкъана чІогІа оьгІазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дІабелира, церан мостагІашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагІашна дуьхьал ца латтаделира. Амма мехкан куьйгалхо кхелхина воллушехь, халкъ юха а шайн дайша чул а чІогІа къинош лето долалора, харцделанашна корта а бетташ. Исраилан халкъ, чІогІа юхахьадаьлла, шаьш дІахьош болчу харцнекъана тІера дала лууш дацара.
Выбор основного перевода