Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Дуьсуш хІара латтанаш ду: ПІелаштаман а, Гешуран а ши мохк. Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Іекхран-гІалина тІекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаІанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогІу пІелаштамхойн пхеа урхалчин гІаланаш: Іази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Іекхран а. Іаваймхойн къомана тІехь а толам баккха безаш бу. Къилбехь долу дерриг а канаІанхойн латта схьадаккха дезаш ду, цІаданхойн долахь йолчу МеІари-гІали тІера Апакх-гІалина, эмархойн дозанна, тІекхаччалц. Ткъа иштта схьадаккхаза ду гебалхойн латта а, малхбалехьа болу берриг а Ливанун-мохк а, Хьермон-ломан къилбаседехь йолчу БаІал-Гадана тІера Хьамат-Іинна тІекхаччалц болу. Ливанун-махка тІера Мисрепат-Маймална тІекхаччалц лаьмнашкахь Іаш болу цІаданхой исраилхошна хьалхара дІалохкур бу Аса. И латта исраилхошна юкъахь, дакъош а деш, декъа, Аса хьайна тІе-ма-диллара.
Выбор основного перевода