Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха. Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бІаьргашна гина гІуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дІа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дІадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а. Шайн Везачу Далла аша дІахІоттор болчу сагІа доккхучу кхерчана уллохь Ашера-далла лерина болу цхьа а дечиган бІогІам ма хІоттабелаш ТІаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хІуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаІал-деланашна Іамал а еш. Исраилан халкъ, Везачу Элана тІаьхьара дІа а даьлла, БаІал а, Іаштарт а цІераш йолчу харцделанашна тІаьхьахІиттира.
Выбор основного перевода