Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Везачу Эло царна мехкан куьйгалхой хоржура. Цара уьш талораш деш лелаш болчарах ларбора. Іанатин кІант Шамгар паччахьалла деш волчу хенахь а, ЯІалан заманашкахь а некъахой шайн эмкалийн ковранашца юьстахчу некъашкахула лелара, ткъа некъаш даьсса дара. Берриге а Исраилан махкахь цхьа а аьчк-пхьар вацара, хІунда аьлча пІелаштамхой кхоьрура цара, и говзалла кара а ерзийна шайна тарраш а, гоьмукъаш а кечдарна. Цундела массо а исраилхо пІелаштамхой болчу эха дезаш хуьлура шайн хьонхалш а, белаш а, дагарш а, маьрсаш а ирдан. ПІелаштамхойн аьчк-пхьераша цхьа жима дато ахча доккхура хьонхалш а, белаш а ирйийриг. Цул жимма сов дато ахча доккхура дагаран иралла артъелча, я вед тоян езча. Цундела Шаулаций, ЯхІунатиций долчу халкъехь я тарраш а, я гоьмукъаш а дацара. Уьш Шаулехь шегахь а, цуьнан кІантехь ЯхІунатехь бен дацара.
Выбор основного перевода