Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Килабан вешин Кхеназан кІанта Іотниала и гІала схьаяьккхира. ТІаккха Килаба цуьнга шен йоІ Іахисат маре дІаелира. Везачу Эло царна мехкан куьйгалхой хоржура. Цара уьш талораш деш лелаш болчарах ларбора. Халкъо юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца дехира. Ткъа Везачу Эло Бен-Яманан тайпанах волчу Герин кІант АхІуд вахийтира Исраилан халкъ кІелхьардаккха. Иза ша гезолг вара. Исраилан халкъо АхІуд вахийтира муабахойн паччахь волчу ІегІлонна совгІаташ эцна. Сисрин эчигах йина исс бІе гІудалкх яра. Цо ткъа шарахь чІогІа хьийзийра Исраилан халкъ. Цундела исраилхой юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца даха буьйлабелира. Исраилхоша шайна маданхоша дина зенаш бахьана долуш Везачу Эле гІо дехча, Везачу Эле гІо доьхуш, кхойкхуш бара Исраилан кІентий. «Тхан Дела, Хьуна хьалха оха къинош летийна. Тхайн Дела вита а витина, БаІал санна долчу харцделанашна Іамал еш дара тхо», – бохура цара. ТІаккха уьш Везачу Эле, мохь а бетташ, дехарш дан буьйлабелира. Цара бохура: „Оха тхайх къа латийна. Веза Эла виц а вина, цІушна БаІалгІарний, ІаштартгІарний гІуллакх дан хІиттира тхо. МостагІчун карара тхо схьадахахьара Ахьа. ТІаккха тхо, Везачу Элана тІе а дирзина, Цунна гІуллакх а деш, лелар дара“. цундела Ахьа церан мостагІашна уьш дІалацийта пурба делира, ткъа мостагІаша царна дукха зуламаш а дира. Амма шайна тІе зулам деача, тхан дай Хьоьга орца доьхуш дІахІиттира. Стигалахь волчу Ахьа цаьрга ла а дугІура, Хьайн боккхачу къинхетамца уьш кІелхьарбохурш а лора, ткъа цара уьш мостагІийн зуламах кІелхьара а бохура.
Выбор основного перевода