Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Паччахьан нах гІалех арабевлира. Ков царна тІаьххье сихха дІакъевлира. Шина исраилхочунна тІаьхьабевлла, малхбалехьа, Йордан-хих дехьаволучу метте кхаччалц, дІабахара уьш. Цу буьйсанна Везачу Эло ГадІане элира: «Хьала а гІаттий, маданхойн меттаматтана дуьхьал гІо. Аса уьш хьан кара дІало. И гІан а, цуьнан тидар а хезна волу ГадІан Везачу Элана хьалха суждане вахара. Исраилхойн меттаматте юха а веана, цо элира: «ХьалагІовтта! Везачу Эло маданхойн меттамотт вайн кара схьало». ГадІана Эпрайман лаьмнашна уллохь йолчу меттигашка шен геланчаш бахийтинера дІаала: «Маданхошна дуьхьал ара а довлий, царах лата, Байт-Барина тІекхаччалц Йордан-хил дехьаволийла а ларъе», – аьлла. Массо а эпраймхоша Байт-Барига тІекхаччалц Йордан-хил дехьаволийлаш схьалецира. ГалІадхоша Йордан-хих дехьаволуш йолу меттигаш дІалецира. Шайга хІаллакбаза бисина болчу эпраймхоша хил дехьадовла пурба дехча, галІадхоша цаьрга хоттура: «Хьо эпраймхо-м вац?» Цара «Вац» – аьлла жоп делча, Хушахой а, ливахой а хьан болчул сов ницкъ а, вуно дукха гІудалкхаш а, дошлой а болуш бацара ткъа? Амма хьо Везачу Элана тІетевжаш хилла дела, Цо уьш хьан карабеллера.
Выбор основного перевода