Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Мархи юкъахь чувоьссинчу Везачу Эло къамел дира Мусаца. Цуьнгара Дезачу Синан дакъа схьа а эцна, кхузткъе итт тхьамдина делира Везачу Эло. Деза Са шайна тІе доьссича, уьш Делера болу хаам бан хІиттира нахана, амма юха а севцира. Амма Мусас жоп делира: «Халкъ сох дІадерзарх кхоьру хьо? Везачу Элан Деза Са тІе а доьссина, Цуьнан халкъана юкъара массо а велахьара Делера хаам беш». Яьссачу аренга дІахьаьжча, БалиІамна дерриг а Исраилан халкъ гира, шен тайпанашца, меттамотт а хІоттийна, лаьтташ. Делан Са доьссира БалиІамна тІе. ГадІанна тІе Везачу Элан Са доьссира. ГадІана, коьман маІа а лекхна, ша волчу Абу-Іезаран тайпанах долу халкъ схьагулдира. Яптахьна тІе Везачу Элан Са доьссира. Иза ГалІадан а, Маннашан а мехкашкахула а, иштта ГалІадарчу МицІпехула Іамминхойн махка тІе кхечира. Везачу Элан Са иза меттахъхьеван доладелира Махьаней-Дан цІе йолчу меттехь иза волчу хенахь. И меттиг ЦорІаний, Эштаулний юккъехь дІахІоттийна яра. Шамшонна тІе Везачу Элан Са доьссира, тІаккха цо и лом, буьхьиг санна, этІийна, цистина, дІадаьккхира. Цо шен дега а, нене а цунах лаьцна хІумма а ца элира. Цуьнга ницкъ боуьйтуш, Везачу Элан Са доьссира Шамшонна тІе. Цо, Ашкхилун цІе йолчу гІала а вахана, цигахь ткъе итт пІелаштамхо а вийна, царна тІера кучамаш а, кхийолу бедарш а, схьа а яьхна, хІетал-метал хиъначарна дІаелира. Цул тІаьхьа, чІогІа оьгІаз а вахана, иза шен ден цІа вахара. Иза Лахьина улло кхаьчча, пІелаштамхой маьхьаршца дуьхьалбевлира цунна. ТІаккха Шамшонна тІе Везачу Элан Са доьссира. Цуьнан куьйгаш дІадихкина долу машшаш даьгна дІадаьлла долу вета санна хилла дІахІиттира. Цуьнан куьйгаш тІера буржалш охьаийгира. И хІума цунна дІа-ма-дийццинехь, Делан Са Шаулна тІе Шен ницкъаца охьадоьссира. Шаул чІогІа оьгІазвахара.
Выбор основного перевода