Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
хьетахойн а, перезахойн а, репахойн а, эмархойн а, канаІанхойн а, гІиргІашийн а, явсайхойн а латта», – аьлла. ТІевахана, иза мисархойн Іазапах кІелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дІадуьгур ду Ас Сайн халкъ. Везачу Эло канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а лаьтта тІе дуьгур ду шу. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе и латта шун дайшна лур ду аьлла, чІагІо йинера Везачу Эло. Цундела кху баттахь хІара гІуллакхаш де. И хІума чекхдаьллачул тІаьхьа со волчу Исраилан куьйгалхой баьхкира. Цара элира: «Исраилан халкъана гонах канаІанхой а, хьетахой а, перезахой а, явсайхой а, Іамминхой а, муабахой а, мисархой а, эмархой а Іаш бу. Оцу къаьмнаша Далла хьалха дегаза гІуллакхаш леладо. Ткъа Исраилан халкъ, иштта динан дай а, левихой а, дІа ца къаьстира оцу къаьмнех а, цара лелочух а.
Выбор основного перевода