Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
НегІаб цІе йолчу яьссачу арахь бехаш бу Іамалекхахой. Лаьмнашкахь бехаш бу хьетахой, явсайхой, эмархой, ткъа хІордан йистехь а, Йордан-хин йистехь а бехаш бу канаІанхой». Цара элира цигахь гулбеллачу берриге а нахе: «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта вуно чІогІа хаза ду. Лам тІера чу а воьссина, Йордан-хих дехьа а ваьлла, Нунин кІантана ЮшаІана тІевеара и ши стаг. Цунна шайца хилларг дерриг а дийцира цу шиммо. Цара элира ЮшаІе: «Везачу Эло дерриг а хІара латта вайн кара схьаделла. Берриг а цигара бахархой вайх кхоьруш бу». ЮшаІа элира исраилхошка: «Кхин мел Іан дагахь ду шу, шун дайн Везачу Дала шайна делла латта схьа а ца оьцуш? Исраилхойн паччахьо шен ялхошка элира: «Шуна хаьий ГалІад-махкахь йолу Рамат-гІала вайн юйла? Ткъа вай дуккха а хенахь дуьйна, дист а ца хуьлуш, арамхойн паччахьан карара иза схьа а ца йоккхуш, Іаш ду».
Выбор основного перевода