Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха, Лешем-гІалина тІе а летта, иза схьа а яьккхина, цуьнан бахархой хІаллакбира Данах схьабевллачу наха. Цу гІалахь баха хевшира уьш, цуьнан цІе Дан а тиллина, шайн ден Данан цІарах. Иштта гІаланаш а, ярташ а кхаьчнера Данан тайпанах долчу гаранашна. Делилас Шамшоне элира: «Дийцахьа соьга, стенца доьзна ду хьан цу тайпана ницкъ болуш хилар? Стенца дІавихкина сацо веза хьо?» Исраилхойн паччахь воцучу хенахь Эпрайман лаьмнашкахь цхьана юьстахчу меттехь вехаш Іаш хилла левихойн тайпанах волу цхьа стаг. Цуьнан, ша ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалара а йолуш, цхьа гІарбаш-зуда хилла. Цу хенахь исраилхойн паччахь вацара, цундела хІораммо а шена бакъахьа хеттарг дора.
Выбор основного перевода