Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха, Лешем-гІалина тІе а летта, иза схьа а яьккхина, цуьнан бахархой хІаллакбира Данах схьабевллачу наха. Цу гІалахь баха хевшира уьш, цуьнан цІе Дан а тиллина, шайн ден Данан цІарах. Данхоша иштта схьадаьккхира Микас шена мел динарг. Цуьнан динан да а шайца дІавигира цара. Уьш, Лаиш-гІала дІа а бахана, цигахь маьрша бехаш Іаш болчу нахана тІелетира. Адам шайн таррашца цистира цара, ткъа гІала цІарца ягийра. Царна орцахвала стаг вацара, хІунда аьлча ЦІадан-гІала царна генахь яра, кхиболчаьрца цара юкъаметтиг а ца лелайора. Лаиш-гІала Байт-Рахьубана уллохь йолчу тогІи чохь лаьтташ яра. Йохийна гІала лаьттинчу меттехь данхоша керла гІала а йиллина, уьш цигахь баха хевшира.
Выбор основного перевода