Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Доьзалхочух а хилла, Якъубана кІант вира Балхьата. «Сан доІанаш а хезна, Дала со бакъйина, – элира Рахьала. – Цо суна кІант велла». Цо кІентан цІе Дан тиллира (иза «бакъвина» бохург ду). ТІаккха, Лешем-гІалина тІе а летта, иза схьа а яьккхина, цуьнан бахархой хІаллакбира Данах схьабевллачу наха. Цу гІалахь баха хевшира уьш, цуьнан цІе Дан а тиллина, шайн ден Данан цІарах. Исраилхой схьагулбелира Везачу Элана хьалха МицІпа-гІалахь. Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц болчу берриг а Исраилан махкара схьагулделлера адам. ГалІадара Исраилан халкъ а деанера кхуза. Цхьа дашо эса Бетал-гІалахь, важа – Дан-гІалахь дІахІоттийра цо. Цу гІуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гІала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Іибадат дан.
Выбор основного перевода