Данан тІаьхьенах болчара шайна юкъара пхи тоьлла волу къонах вахийтира лаьттах дерг талла. И пхи стаг ЦорІера а, Эштаулара а вара. И нах хаьржинера, уьш Данан тайпанах болчеран массо а гаранашкара болу дела. Цаьрга аьллера: «Даха а гІой, мохк талла». Эпрайман лаьмнашка а баьхкина, цара Микин цІа чохь буьйса яьккхира.