17
Латта талла вахийтина волчу пхеа стага, цІенна чу а вахана, дечиган цІу а, ийпад а, кхиболу цІуш а, детих вина волу цІу а схьа а эцна, уьш чуьра арабехира. Ткъа динан да кевнехь цу ялх бІе тІемалочуьнца лаьтташ вара.
Данан тІаьхьенах болчара шайна юкъара пхи тоьлла волу къонах вахийтира лаьттах дерг талла. И пхи стаг ЦорІера а, Эштаулара а вара. И нах хаьржинера, уьш Данан тайпанах болчеран массо а гаранашкара болу дела. Цаьрга аьллера: «Даха а гІой, мохк талла». Эпрайман лаьмнашка а баьхкина, цара Микин цІа чохь буьйса яьккхира.
Лаишан латта талла вахана хиллачу пхеаммо шайн гергарчаьрга элира: «Цигахь долчу цхьана цІенна чохь еза ийпад ю. Цигахь кхиболу цІуш а, тІе дети диллина волу цІу а ву. Ойла е, хІун дан деза».