Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха, Лешем-гІалина тІе а летта, иза схьа а яьккхина, цуьнан бахархой хІаллакбира Данах схьабевллачу наха. Цу гІалахь баха хевшира уьш, цуьнан цІе Дан а тиллина, шайн ден Данан цІарах. И пхи стаг дІавахара. Лаиш-гІала кхечира уьш. Цигахь маьрша дехаш долу адам гира царна. Церан дахар, цІаданхойн ма-хиллара, тийна а, маьрша а дара. Царна гІело еш мостагІий а бацара. Уьш ЦІадан-гІалина генахь бехаш бара, цхьаьнцца а лелош юкъаметтиг а йоцуш. Цига дІакхаьчча, шуна гур ду, и мел доккха латта ду. Оьшуш мел дерг шортта хуьлу цу махкахь, цигара халкъ, цхьа а стаг шайна тІелетар ву аьлла, дагадогІуш а дац. Дала вайн кара схьалуш ду и латта».
Выбор основного перевода