Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Оцу лаьтта тІехь цхьа а эшам ца хаалуш, аша шайн бепиг а дуур ду, цхьана а хІуманна тІехь эшаме а хир дац шу. Оцу лаьттарчу тархаш чохь эчиг ду, ткъа оцу лаьттан лаьмнаш чуьра аша цІаста доккхур ду. И пхи стаг дІавахара. Лаиш-гІала кхечира уьш. Цигахь маьрша дехаш долу адам гира царна. Церан дахар, цІаданхойн ма-хиллара, тийна а, маьрша а дара. Царна гІело еш мостагІий а бацара. Уьш ЦІадан-гІалина генахь бехаш бара, цхьаьнцца а лелош юкъаметтиг а йоцуш. Данхоша иштта схьадаьккхира Микас шена мел динарг. Цуьнан динан да а шайца дІавигира цара. Уьш, Лаиш-гІала дІа а бахана, цигахь маьрша бехаш Іаш болчу нахана тІелетира. Адам шайн таррашца цистира цара, ткъа гІала цІарца ягийра.
Выбор основного перевода