Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Латта схьадаьккхинчул тІаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дІахІоттийра цара цигахь. ТІаккха цара элира: «ХІора шарахь Шилун-гІалахь хуьлуш Везачу Элана лерина деза де ду». (Шилун-гІала Бетал-гІалина къилбаседехьа а, Бетал-гІалара Шехеме боьдучу некъана малхбалехьа а, иштта Либуна-гІалина къилбехьа а лаьтташ ю.) ХІора шарахь, билгалдаьхначу деношкахь, Элкхан Шилун-гІала воьдуш хилла массо а ницкъашна тІехь волчу Везачу Элана лерина долу гІуллакх дан а, Цунна сагІа даккхийта а. Шилунехь Везачу Элан динан дай бара Іелин кІентий: Пайнехьассий, Хьапний. Цо йитира Шилунера Шен хІусам, Ша адамашна юкъахь Іийна долу четар. Дуьххьара Сан Іаш йолу меттиг дІахІоттийна йолчу Шилун-гІала а гІой, хьовса, Аса цу меттигна хІун бохам байтина, Сан Исраилан халкъо лелийна долу вонаш бахьана долуш.
Выбор основного перевода