Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шен зудчо кІант вича, Мусас цуьнан цІе ГІиршам тиллира (иза «цигахь волу тІевеанарг» бохург ду), хІунда аьлча ша хийрачу махкахь тІевеана стаг волу дела. Шина кІантах цхьаннан цІе ГІиршам яра (иза «цигахь волу тІевеанарг» бохург ду). И цІе Мусас тиллинера, ша хийрачу махкахь тІевеана стаг волу дела. Микас и дети шен нене дІаделира. Ткъа нанас элира: «Сан кІант, хьуна тІера хІара дети аса деккъа цхьана Везачу Элана лору. ЦІу а вай, цунна тІе дети дилла. ХІинца аса хьуна и дети юхало». Микин шен делан цІа дара. Цо ийпад а, цІуш а бира. Цул тІаьхьа цо, шен кІенташна юкъара цхьаъ къобал а вина, цунах динан да вира. Микас иза къобалвича, жима стаг динан да хилла дІахІоьттира. Иза Микин хІусамехь вехаш а вара. Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигІлат-Палиасара, схьа а веана, Іаюн, Абал-Байт-МаІак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гІаланаш, иштта ГалІад-мохк, Галилай-мохк – шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш – дІалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дІакхалхийра цо.
Выбор основного перевода